Гуьмсан кӀоштарчу БоргӀанехь дӀахьош ду хинах нах кӀелхьарбахаран гӀуллакхаш. Цигахь белхаш дӀахьош МЧС а, ОМВД а, волонтераш а бу. Цхьана ханна нах дӀатарбан меттигаш а йу кечйина.
"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ
Республикин газет
Графики
📊 Средний охват постов
📉 ERR % по дням
📋 Публикации по дням
📎 Типы контента
Лучшие публикации
14 из 14Устрада-ГӀалахь дӀахьош бу Орга хи тӀехула долу тӀай тодаран белхаш. Дагадоуьйту, чӀогӀа догӀанаш ихна даккхий зенаш хилар бахьана долуш, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца Нохчийчохь къаьсттина хала хьал дӀакхайкхийна хилар.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца, Нохчийчоьнан кхийолчу кӀошташкахь санна, Шаран кӀоштара йерриге а леррина службаш къахьоьгуш йу чӀогӀа ихначу догӀанийн тӀаьхьалонаш дӀайахарна тӀехь.
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хьаьжна чӀогӀа ихначу догӀанийн тӀаьхьалонаш дӀахарана лерина беш болчу белхашка. Дагадоуьйту, чӀогӀа догӀанаш ихна даккхий зенаш хилар бахьана долуш, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца Нохчийчохь къаьсттина хала хьал дӀакхайкхийна хилар.
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан чӀогӀа догӀанаш ихна галдаьлла долу Устрада-ГӀалара тӀай долчохь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. "Хенан хӀоттаман хьал галдала доладаларца ас тӀедиллира йерриге а профильни службаш кийча хила йезаш хиларан хьокъехь, иштта, республикин цхьайолчу кӀошташкахь къаьсттина хала хьал дӀа а кхайкхийра. Тахана со хьаьжира Устрада-ГӀаларчу тӀайне. Цуьнан коьртачу конструкцешна доккха зен хиларца доьзна иза вовшахдаккха долийна. Цигахь ...
Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н ГИБДД-н урхаллехь. "Хаам бо, Гуьмсерчу Гумс хи тӀехула долучу тӀай тӀехула машенаш лелар меттахӀоттийна хиларан хьокъехь. Хи лахделла, транспортана кхерам болуш хӀумма а дац", – аьлла ведомствехь.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца НР-н Правительствон Председатела Даудов Мохьмада Нохчийн Республикин Правительствон хаам баран а, къаьсттина хала хьал хӀоьттича хилла болу бохамаш дӀабахаран а комиссин кхеташо дӀайаьхьна. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. Даудов Мохьмада ладуьйгӀира карарчу хенахь долуш долчу хьолах лаьцна йолчу докладашка. Цо билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан Мехк-Дас къаьсттина хала долу хьал шен лерринчу тергонехь латтош хилар. "Нохчий...
Нохчийн Республикин Мехк-Ден могашалла Ӏалашйаран а, курортан а, реабилитацин дарбанан а гӀуллакхашна координаци йаран штатехь йоцу гӀоьнча Кадырова Хутмат берийн дарбанан-реабилитацин "ДАРБА КИДС" туш йечохь хилла. И хьукмат республикехь а цхьаъ бен йац, иштта, Къилбаседа Кавказехь а йац цунах тераниг. Карарчу хенахь объект 75% йина йаьлла йу. Дийнахь а, буьйсанна а дарба дан 165 меттиг а, дийнахь дарба дан 45 меттиг а йолчу туьшахь дерриге а хьелаш хир ду. Цигахь дарбанан физкультурин а, физио...
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан чӀогӀа догӀанаш ихна галдаьлла долу Устрада-ГӀалара тӀай долчохь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. "Хенан хӀоттаман хьал галдала доладаларца ас тӀедиллира йерриге а профильни службаш кийча хила йезаш хиларан хьокъехь, иштта, республикин цхьайолчу кӀошташкахь къаьсттина хала хьал дӀа а кхайкхийра. Тахана со хьаьжира Устрада-ГӀаларчу тӀайне. Цуьнан коьртачу конструкцешна доккха зен хиларца доьзна иза вовшахдаккха долийна. Цигахь ...