15просмотров
0.9%от подписчиков
29 марта 2026 г.
Score: 17
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан чӀогӀа догӀанаш ихна галдаьлла долу Устрада-ГӀалара тӀай долчохь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. "Хенан хӀоттаман хьал галдала доладаларца ас тӀедиллира йерриге а профильни службаш кийча хила йезаш хиларан хьокъехь, иштта, республикин цхьайолчу кӀошташкахь къаьсттина хала хьал дӀа а кхайкхийра. Тахана со хьаьжира Устрада-ГӀаларчу тӀайне. Цуьнан коьртачу конструкцешна доккха зен хиларца доьзна иза вовшахдаккха долийна. Цигахь бархӀ аса болу кхузаман шуьйра тӀай хир ду. Цуьнца доьзна тӀедиллар дина Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна, Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министрана Тумхаджиев Ӏийсанна", – йаздина Кадыров Рамзана. Циггахь доклад йинчу Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Даудов Мохьмада хаам бина 17 тӀайна зен хилла хиларан хьокъехь, царна йукъахь 2 гӀашлойн а ду. Масех йуьртахь цӀеношна чу хи даьлла, некъаш дохийна, инфраструктурин объекташна зен хилла. "Чолхе хьал хӀоьттина Гуьмсан кӀоштахь. Хи тӀедаларан бахьана долуш Кундуховера а, БоргӀанера а бахархой кӀелхьарбаьхна. Дерриге а дина нахана кхерамзалла хилийтархьама. Хьал чолхе ду, амма ӏуьналлехь латтош ду. Коьртаниг — бахархошна йукъахь кхелхинарш а, лазийнарш а бац", – йаздина Кадыров Рамзана.
https://t.me/RKadyrov_95/6455