"
"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ
@daymohkgazet1.6K подп.
13просмотров
0.8%от подписчиков
30 марта 2026 г.
Score: 14
Нохчийн Республикин Мехк-Ден могашалла Ӏалашйаран а, курортан а, реабилитацин дарбанан а гӀуллакхашна координаци йаран штатехь йоцу гӀоьнча Кадырова Хутмат берийн дарбанан-реабилитацин "ДАРБА КИДС" туш йечохь хилла. И хьукмат республикехь а цхьаъ бен йац, иштта, Къилбаседа Кавказехь а йац цунах тераниг. Карарчу хенахь объект 75% йина йаьлла йу. Дийнахь а, буьйсанна а дарба дан 165 меттиг а, дийнахь дарба дан 45 меттиг а йолчу туьшахь дерриге а хьелаш хир ду. Цигахь дарбанан физкультурин а, физион а, эрготерапин а блокаш а, хица дарбанаш дан чоьнаш а хир йу. Цул сов, берийн дешар йукъах ца даккхаран Ӏалашонца болх беш "УчимЗнаем" дешаран сектор а хир йолуш йу. Иштта, цигахь йийр йу иппотерапина а, терренкурана а майданаш. Туш йан меттиг Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана билгалйаьккхина йу. "ДАРБА КИДС" Соьлжа-ГӀалин хӀорда йистехь йеш йу. Инспекцин жамӀ деш Кадыров Хутмата билгалдаьккхира, белхаш хӀоттийначу хенаца дӀабахьар чӀогӀа мехала хилар. Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, хьалхара лазархой тӀелоцур бу хьаьттан беттан 23-чу дийнахь.
13
просмотров
1073
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @daymohkgazet

Все посты канала →
Нохчийн Республикин Мехк-Ден могашалла Ӏалашйаран а, курорта — @daymohkgazet | PostSniper