11просмотров
0.7%от подписчиков
30 марта 2026 г.
📷 ФотоScore: 12
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан чӀогӀа догӀанаш ихна галдаьлла долу Устрада-ГӀалара тӀай долчохь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. "Хенан хӀоттаман хьал галдала доладаларца ас тӀедиллира йерриге а профильни службаш кийча хила йезаш хиларан хьокъехь, иштта, республикин цхьайолчу кӀошташкахь къаьсттина хала хьал дӀа а кхайкхийра. Тахана со хьаьжира Устрада-ГӀаларчу тӀайне. Цуьнан коьртачу конструкцешна доккха зен хиларца доьзна иза вовшахдаккха долийна. Цигахь бархӀ аса болу кхузаман шуьйра тӀай хир ду. Цуьнца доьзна тӀедиллар дина Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна, Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министрана Тумхаджиев Ӏийсанна", – йаздина Кадыров Рамзана.