13просмотров
0.8%от подписчиков
29 марта 2026 г.
Score: 14
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца НР-н Правительствон Председатела Даудов Мохьмада Нохчийн Республикин Правительствон хаам баран а, къаьсттина хала хьал хӀоьттича хилла болу бохамаш дӀабахаран а комиссин кхеташо дӀайаьхьна. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. Даудов Мохьмада ладуьйгӀира карарчу хенахь долуш долчу хьолах лаьцна йолчу докладашка. Цо билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан Мехк-Дас къаьсттина хала долу хьал шен лерринчу тергонехь латтош хилар. "Нохчийчоьнан Мехк-Дас хилла болу бохамаш дӀабахаран а, зен хиллачу нахана гӀо даран а хьокъехь билггал долу тӀедахкарш дина жоьпалле йолчу йерриге а службашна а, Ӏедалан органашна а. Хенан хӀоттаман бегӀийла боцу хиламаш хилар бахьана долуш хиш хьаладевлла, лаьмнийн меттигашкахь токхамаш хилла. Цуьнца доьзна нехан цӀенош чу хи даьлла, гӀишлошна а, кхийолчу объекташна а зенаш дина", – йаздина Нохчийчоьнан Премьер-министра. Иштта, цо билгалдаьккхира, йерриге а службаш хьал чолхе дара аьлла ца Ӏаш къахьоьгуш хилар. "Оха дерриге а дийр ду хилла бохамаш герггарчу хенахь дӀабахан а, Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тӀедиллар кхочушдан а", – аьлла цо.