770просмотров
17 июня 2024 г.
Score: 847
Тарих йийцаран а, дийцарш дийцаран а дуккха а пайданаш ду. Хьалхара пайда: Дийцарш дийцаро муъмин-нехан дегнаш чӀагӀдеш хилар ду. Сийлахь-везачу АллахӀа вайн Элчане (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Элчанийн дийцарех массо дийцар дуьйцу Оха хьуна, цу дийцаршца хьан дог чӀагӀдеш». Цхьаболчу салафаша аьлла:
«Дийцарш - Сийлахь-везачу АллахӀан эскарех цхьа эскар ду, АллахӀа цу дийцаршца Шена муьтӀахь болчу нехан дегнаш чӀагӀдо». ШолгӀа пайда: Дийцарш дийцаро дика нах бовзуьйту вайна, цу дикачу нехан некъ билгалбо вайна. Сийлахь-везачу АллахӀа Къуръан чохь дуккха а пайхамарш Ша хьахийначул тӀаьхьа аьлла: «Уьш бу хьуна АллахӀа нисбинарш, уьш бу хьуна АллахӀа нийсонна тӀе хӀиттийнарш, церан нийсонна тӀаьхьаваза хьо, церан некъана тӀаьхьаваза хьо». КхоалгӀа пайда: Дийцарш дийцар вайл хьалха хилла болчаьргара масал эцарна а, хьехар эцарна а тӀебоьду некъ бу. Сийлахь-везачу АллахӀа боху:
«Боккъалла а, церан дийцаршкахь хьехам ма бу, масал ма ду хьекъалийн дайшна». Цу дийцаршкахь хӀинца вай хьахийна доцурш а дуккха а пайданаш ду, дагардина ца валлал. Цундела и пайданаш цу дийцаршкахь долу дела, цу дийцаршкахь дуккха а вайна хьехамаш болу дела хӀоразза а шегахь вайна пайда болу, шегахь вайна хьехам, масал долу доцца дийцар хьахор ду вай. Вай хӀора дийцар дуьйцучу хенахь и дийцар вайн дахарна тӀедоссо деза вай, цу дийцарна дикка ойла ян еза вай, нагахь цу дийцарехь цхьа дика болх гинехь, вешан дахарехь и дика болх лело хьовса деза вай, нагахь цу дийцарехь вайна цхьа вон болх гинехь, вешан дахарехь цу вочу белхах лардала хьовса деза вай, нагахь санна цу дийцаршка иштта хьовсуш вай хилахь, цу дийцарех вайна пайда бер бу, цу дийцаршкахь вайна масал а карор ду. Цу дийцаршка вай хьежар, и дийцарш цхьана хенахь хила а хилла, лела а лелла дӀадевлла белхаш ду аьлла хилийта мегар дац, цу дийцаршка вай хьажар Ӏумар ибн ХаттӀаба (АллахӀ реза хуьйла цунна) ма-аллара хила деза:
«И нах дӀабевлла, амма и нах бийцарца лиънарш вай бен дац». Сийлахь-везачу АллахӀа Къуръан чохь Ша хӀаллакдина бохуш дийцина долчу къаьмнийн хьокъехь иштта дош аьлла цо. https://t.me/tarihan_yozanash