Я
Ялсаманин некъ
@yalsmanenek239 подп.
654просмотров
25 мая 2024 г.
statsScore: 719
❗️Ламазан 14 рукна ю: Царех цхьаъ кхочуш ца хиллехь, ламаз нийса хир дац.  - Ниййат дар;  - Шен ницкъ кхочуш хилахь ламаз ирахь дар;  - Ламаз дIадоьхкуш долу такбир – АллахIу акбар – алар;  - Фатихьат (Бисмилла) дешар;  - РукуI дар;  - РукуIера хьалатаIар;  - ВорхI межена тIе сужуд дар; (Кхузахь лууш йолу ворхI меже хIорш ю: ши куьг, шина коган буьхьигаш, когийн ши гола, хьаж а). - Шина сужуд юкъахь охьахаар;  - ТIаьххьара ташаххIуд – эттахьиг – дешар;  - ТашаххIуд – эттахьиг – доьшуш охьахаар;  - ТIаьххьарчу ташаххIудехь Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  салават диллар;  - ХIара хIора рукн сих а ца луш, меллаша, паргIат дар;  - ХIара рукнаш тIаьхьий-хьалхий, шен-шен къепехь дар;  - Салам далар. t.me/yalsmanenek
654
просмотров
830
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @yalsmanenek

Все посты канала →
❗️Ламазан 14 рукна ю: Царех цхьаъ кхочуш ца хиллехь, ламаз н — @yalsmanenek | PostSniper