134просмотров
80.2%от подписчиков
18 октября 2024 г.
Score: 147
Аллахlан Элчанс (صلى الله عليه وسلم) аьлла-кх: «... жоьжахате неlаре хоьттир со, цу чохь дуккхах берш зударий карир шен». И хьадис хезча тамаш бо вай, бес-бесара хеттарша кхоллуш, – Зударий хlунд бу?! – Иштта хlунда аьлла?!
– Божарий а ма бац дик, уьш хlунд ца аьлла?! иштта кхин дlа а. Делахь а, божарий дик бу цхьамма ца бах, дин ца лелош, шен дезаг динан дуьхьал доккхуш болу зударий шай хилар мегаш болу, уьш дика муха хуьлу? Делахьа а, вайн кхайкхам зударшка бу!!
Вай зударшка ла мел доьгlа а, кхета-кх вай эц хьадисан маьlнех. – Зударий жоьжахатехь дуккху хlунда хира бу, аьлла долу хаттаран жоп.. Тахана, хlара Аллахlа магина дац, хlара мегаш дац, хlар ахь лелийч хьан ламаз кхочуш ца хуьлу, ахь лелош йериг хьиджаб йац, lатlар (духи) тоьхна ара йала мегаш дац аьлчи, дуккхах болу зударша жоп ло: «хьо сан кашчу виж везаш вац». Аллахlан бу-кха хастам, сай кашчу бен со вижа ца везаш. Делахь а, йижарий шун вуо болх хилита луаш а дац тхо, Аллахl рез волу хьиджаб а, Иза оьгlаз вохитуш долу хlуманаш а, аша lад дитича хаза хетар дар, хlара дуьне-м хила а ца хилча санна дlадера долуш ду, кхан догlур долу эхартан кечам бар а доьху шуьг, Аллахl рез хуьлийла шуна, Аллахl иманехь сов дохийл вай, Аллахlа аьтто бойл вай массериа…