И
искатель знаний.
@lilmleharho167 подп.
174просмотров
10 сентября 2024 г.
Score: 191
Ибнуль-Къаййима «Ровдатуль-мухьиббийн» жайнахь: «"багийнарш" хьарамчух ларбаларх лаьцна» дуьйцу декъа чохь аьлла: Харáитӏыйс «Иӏтилáлуль-къулýб» чохь а, Ибнуль-Джавзийс «заммуль-хӏавá» чохь а дийцина: Раджáъ ибн ӏамр ан-Нахаӏийс дийцина аьлла: Куфехь цхьа жима стаг вага хаза юьхь а йолуш, чӏогӏа ӏибадат деш, дукха къахьоьгуш. Нахӏ олуш йолу меттехь цхьа нехан лула воьссира иза цкъа, церан цхьа хаза йоӏ гира цунна, йезайелира цунна иза, хьекъал дӏа даьхьира цуьнан цу йоӏа, делахь а, цу йоӏанна а хилира цуна хилларг. Тӏаккха цу кӏанта захало тӏе дахьийтира цу йоьӏан дега. Амма цуьнан дас шен де вешийн кӏанте йохуьйтур йу аьлла цӏетоьхна ю элира иза. Шаьшшима ловш долу хӏума ла хала хила доьлча йоӏа кӏанте хабар дахьийтира: «суна хаьа хьан соьга йолу "ойла" чӏогӏа хилар, суна а чӏагӏбелла хӏара бала, хьуна лаахь со хьо волче йогӏу, йа хьуна лаахь со йолче ва аьтто бо аса хьан.» Амма кӏанта и хабар дахьаш веанчуьнга элира: «цу шина хӏуманах цхьа а ца хоржу аса», айат а дийщира цо: ﴿قُل إِنّي أَخافُ إِن عَصَيتُ رَبّي عَذابَ يَومٍ عَظيمٍ﴾ [الأنعام: ١٥] «Ахьа ала: со кхоьру нагахь со сайн Далла ӏеса хилахь, доккхачу ден ӏазап сайна хиларна.» [аль-Анӏам: 15]. Со кхоьру шен цӏе дӏайовш йоцчу жоьжахатех, шен йовхо лахлуш йоцчу цӏарах. Шега хабар схьакхаьчча йоӏа элира: - И безам шегахь болушшехь Делах кхоьруш ву хӏара вуй? Валлахӏи цхьа а кхечул тӏех хьакъ ма вац Делах кхера, Валлахӏи массо а Делан лайш ма бу цхьатерра Делаха кхера безаш! Цул тӏаьхьа дуьненан хӏуманах дӏакъаьстира иза, шен мел йолу уьйраш, гергарлонаш дӏатесира цо, алсам ӏибадат дан йолайелира иза, амма иштта ӏибадат деш а йолуш зезаг санна маргӏалйола йелира иза, азлуш йара иза и кӏант везаш, цуьнга сатуьйсуш, иштта йелира иза. Ткъа и кӏант цуьнан кошан тӏе а вохий воьлхура, доӏанаш дора цо цу йоӏанна, иштта коша уллехь а волуш цхьана дийнахьа наб кхийтира цунна, гӏенаха гира цунна и йоӏ чӏогӏа хазачу суьртехь, цо хаьттира цу йоӏе: - Муха йу хьо? Йелчул тӏаьхьа хӏун хили хьох? Цу йоӏа элира байтанца: نعمَ المحبَّةُ يا سُؤْلي محبتُكم حـبٌّ يقودُ إلى خـيرٍ وإحــسان ма дика хӏума хиллера, хӏай соьга хоьттург, хьо дукхавезар Хьо дукха везаро дика ӏамал йаре, дика хиларе йигира со Кӏанта хаьттира: - Иштта цу хьолехь йолуш (ша дукха везашехь, дика ӏамал йича ялсамане) дикаче йирзи хьо? Йоӏа элира байтанца: إلى نـــعيمٍ وعَــــيْشٍ لا زوال لـه في جنَّة الخُلْدِ ملكٌ ليس بالفاني Ниӏмате, цкъа а дӏадера доцчу дахаре Даима хинйолчу йалсаманехь, дӏабера боцу бахам болуш Кӏанта элира: - Со цигахь а дага ваийталахь хьайна, со вац хьо йицлуш. Йоӏа элира: - Валлахӏи суна хьо а вац вицлуш. Сан а, хьан Эле дехна ас вайша цхьанатохар, цундела суна гӏо делахь ӏибадат деш къахьегарца. Кӏанта элира: - Маца гур ю суна хьо? Йоӏа элира: - Кестта тхуна тӏекхочура волуш ву хьо, тӏаккха гур ду хьуна тхо. И гӏан гинчул тӏаьхьа и кӏант ворхӏ дийнахь бен ца вехира.
174
просмотров
2897
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @lilmleharho

Все посты канала →
Ибнуль-Къаййима «Ровдатуль-мухьиббийн» жайнахь: «"багийнарш" — @lilmleharho | PostSniper