I
islamikus
@islamikustelegram2.0K подп.
2.2Kпросмотров
21 января 2026 г.
Score: 2.4K
Иза гуттар чIогIа цунна дан лууш дерг а дара. Оцу аьхка, оцу шеран аьхка дара иза. Ахьмад нанас ловза вахийтинера. Шен хеннахь чувогIуш волу иза хьевелча, иза схьавало тIаьхьа вахийтира со. Ваша ца карош, урамехула хьалавоьдуш, МайрбекагIеран кетIахь бераш а гина, со, даго цхьаъ хьоьхуш санна, сиха цу агIор дIахьаьдира. – Тоха... ЧIоггIа тоха... Хьо стаг вац? Ма ледара х1ума йу-кх хьо, йа-м... – геннара дуьйна хезаш бара Майрбека хьоькху мохь. Ша йуьстаха лаьттара иза, хорбазан доккхачу декъах цергаш а туьйсуш. Цунна хьалха кетIарчу бай тIехь вовшахлеташ жима ши кIант гира суна. БIаьргашна ган а гале, царах цхьаъ Ахьмад вуйла а кхийтира. Хьацар, чан цхьаьнаийна ши кIант хотталахь кирчича санна вара, дерзина догIмаш бецо цхьаццанхьара цистина а долуш. – Тоха, – мохь хьоькхура Майрбека, леташ верг ша волуш санна, – тIейахийта. Ледара х1ума... ледара... Генара дуьйна, гIовгIанаш хезна, лаг дахдина вогIучу сох бIаьргкхеташшехь цо шина кIантана улле а вахана, и шиъ дIасавоккху кеп хIоттийра. Хорбаз йоккха дIа а кхоллуш, царна гуо а туьйсуш: – ХIан тоьаш ду, тоьаш ду. Аш хIун до дан а!? – цецволуш санна сурт хIоттийра. Цхьаъ белша тIера, важа пхьаьрса тIера схьа а лоцуш, чIоггIа, суна хазийта санна, элира: – Тоийта ца боху ас шуьга? – охьахьожучу кепара, бIаьрган йистаца соьга хьажар а кхуссуш. – Ас хIинцца шуна... Амма ши кIант хIинца забаренна тасавелла вацара. И шиъ баккъал а леташ вара. Ша машар беш санна, цецвуьйлуш, йуха а мохь беттара Майрбека, наггахь хорбаз а кхоллуш. Мох санна ведира со. Шина кIантах катуьйхира ас дIасакъастош. Шинна дов а деш. Ахьмад мерах оьхучу цIийх вуьзна вара. Кхеравелла со сайна тIера схьайаьккхинчу майкица иза сацо а гIертара. – Ахь хIунда лоьтуьйту уьш? – тIекхохкавелира со Майрбекана, иза вийча а Iебар воцуш. – Хьуна... Хьо... Майрбека хорбаз йуура, сан бIаьра а хьоьжуш, суна цхьа бекхам беш санна, велакъежарца, «тпу» бохуш багара легнаш дIа а кхуьйсуш. – Суна мичара хаьа? Со кхин шайх-х ваций. Йа со ву уьш лоьтуьйтуш верг? ДIасабохуш ву кх со. Мара хьала а уьйзуш, хьацарх а, цIийх а вуьзна лаьттачу Ахьмада хорбаз йийхира цуьнга. – Вайгахь кхин йа м йац, Амади, – шек ца велира Майрбек. – ТIаьххьара дакъа дар-кха хIара. Куьгаш а лаьцна, охьадогIучу татола йисте вигира ас ши кIант, Майрбеках ца лата, са а детташ. Цу шимма, оцу шина кIанта а дуьйцура соьга, суна иштта а хууш дерг цунна тIе пIелгаш а хьежош. Майрбек чувахара. Хье ца луш, кхин цхьаъ доккха хорбазан дакъа а буйнахь, аравелира. – Ахьмад цомгаш вуй ма хаьа хьуна, цунна лата мегар доцийла а, – тIевогIу со цунна. – Иза оьшур вуйла а. – Мотт тоха воллу хир ву хьо, – элира цо соьга йуха а, со карзахаваккха санна. – Вадий гIуо тIаккха. Доцург ду а бохуш, дIадийца. Сайн нана йезахь бац уьш ас лоьтуьйтуш м. – Суна а ло хорбаз, – аьлла, йуха а хорбаз йийхира тIевеанчу Ахьмада. Майрбека, суна тIера бIаьрг а ца боккхуш, багара хIу дIакхоьссира. – ХIара тIаьххьара йу кх вайгахь, Амади. Кхин йан м йац. Чекхйели-кх. – Вало, цIахь йуур йу ахь хорбаз, – вешин куьг схьалецира ас, цIехьа ваха дагахь. Оцу мIаьрагонехь цуьнан мерах кхин цкъа а цIий доладелча, кхеравелла, церан уьйтIа ведира со, Зиявдига орца деха. Сан марахь воллу Ахьмад гича, чIогIа кхеравелира Майрбек а. Цо тIе а ведда кIантах катуьйхира, амма деллачу жIаьлел баш ас кхин тергал-м ца вира иза. РагIу кIел, гIанта охьахаийра ас Ахьмад, мера кIелара майка дIа а ца йоккхуш. Оцу минотехь, цIеххьана дIахьаьжначу суна, уллерчу стоьла тIехь доккхачу сирдиллинчу шуьнахь даккхий дакъош а даьхна лаьтта хорбаз гира. Сайн дагахь дерг дахьа меттиг йоцуш, дIахьаьжира со Майрбеке. Сан хьажарх иза кхета а кхийтира. Ас чIагIо йира кхин цуьнга вист ца хила, йа кхин цуьнца доттагIалла а ца лело. Цу буьйсанна, сатоссуш, Ахьмад велира. Цу буьйсанна сан дагах цхьа боккха хьаса дIа а хедира. Суна дагара ца волура иза. Цуьнан боккха, сийна, цIена ши бIаьрг. Дагара ца долура шен мерах оьху цIий куьйгаца дIа а дохуш, цо Майрбеке йехна хорбаз а, цо иза цунна цайалар а. Цо иза латийтар а гечдора
2.2K
просмотров
4000
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @islamikustelegram

Все посты канала →
Иза гуттар чIогIа цунна дан лууш дерг а дара. Оцу аьхка, оцу — @islamikustelegram | PostSniper