3.0Kпросмотров
21 января 2026 г.
Score: 3.2K
Вистцахиларал сов, цкъа а цунна къинтIера ца вала чIагIо йира ас оцу буьйсанна.
Ткъа шо даьллера цул тIаьхьа. Кхин со цуьнга вистхилла воцуш. Кхин, оцу ткъа шарахь ас хорбаз йиъна а йоцуш. Цайаар хьовха, иза схьагича мегаш а вацара со, йа цуьнан хьожа кхетча а. Оцу гуьйранна, ткъа шо даьллачул тIаьхьа, кхоьссина догIуш кегийра догIа а долуш, телефон йийкира. Майрбекан кIант велла аьлла соьга хаам а бира. Майрбекан жимах волу, хьоме волу, йалх шо долу кIант. Суна халахийтира иза. Ахьмад веллачул а хала. Сан берриге а лазам, массо а дегIан маьIIера, массо а сан синкхетамера самабаьлла лазам, сан логехь боккхачу хорамца схьагIоьртира. Айса цуьнца хIокху дехачу ткъа шарахь, вист ца хила, ца ган, ца веза чIагIонаш йеш кхаьбначу чIирана дохко а велира со. Сайн оьгIазалла цунах йахана хиларна кхера а луш. Суна къахийтира Майрбеках. Сайн вешина, суна хIуьттаренна, иза лечу дийнахь, хорбазан дакъа ца делла волчу цунах, оцу дийнахь, сайн вешин мерах ихна санна долу цIий сан дагах а оьхуш, валлал къахийтира суна. Со дохковелира. Сайн бехк боций хуъушшехь, цуьнга болчу къинхетамна, со дохко а велира, къинтIера а велира. Даккхий кевнаш дIадиллина дара. РагIу кIел, дуьхьал а, шина агIора пурхнехьа а дехкинчу гIанташ тIехь кисаний, голаш тIей куьйгаш а дехкина, уьйтIа вогIучунна тIехь бIаьргаш а сецош Iара баккхий нах, дехьо лаьтташ кхо-виъ жимха а волуш.
Царна йуккъехь Майрбек вацара.
Иза тIехьа, рагIуна тIехьа ву элира соьга.
ДIо, догIанехь, суна букъ а тоьхна, цхьана утармех куьг а гIортийна, генна дIахоьжуш, вогIавелла, лаьттара иза. Меллаша цунна тIевахара со. Сецира. Сан дешнаш дан а дацара. Цхьа а дош ца дисинера сан цуьнга ала. Со верриге а дохковаларх, халахетарх вуьзна вара. Цуьнгара лазам, цуьнга беана бохам цуьнца бекъа болчу лаамо кхуза валийна а вара со. Иштта, вехха лаьттира со а, иза а. Цунна со вуй а хаьара шена тIехьа. Со вогIур вуйла а. Дуй баа а ваьхьар вара со, цунна хаьара аьлла. Иза со варе хьежна хилла аьлла а. Майрбек меллаша схьавирзира соьгахьа.
– Ткъа шо даьллер-кха ас хорбазах мотт тохаза, – элира цо. – Ма дика ду-кха хьо веана...