458просмотров
52.5%от подписчиков
10 марта 2026 г.
📷 ФотоScore: 504
Имам Ибн Раджаб лайлатул-къадр буьйса хьокъехь хилла долу дийцар (суннат) билгал доккхуш аьлла: "Вайн Пайхамара ﷺ лехна хилла лайлатул-къадр буьйса берриг Рамадан баттахь: дуьххьара цу беттан хьалхарчу итт дийнахь иӀтикаф дина, оцу буьйсан тӏе нисвала лаьаш, тӀаккха цу беттан юккъерчу итт дийнахь иӏтикаф дина Цо, оцу буьйсан тӏе нисвала лаьаш, тӏаккха цу беттан тӀаьххьарчу итт дийнахь иӀтикаф дара тӏехь сацам бина Цо, ишта вайга а оцу тӏаьххьар итта дийнахь лаха а аьлла омар а дина„. Ибн Раджаб/ал-Латӏоиф. Тидам бе: Аллахӏ Дала и буьйса Рамадан баттахь йуйла (Къадар) сурат чохь билгал даьккхича, муьлхча меттехь ю билгал даьккхина ца хилла, хӏокху умматан хьалхара чкъоьриг алсам ӏибадат дойтуш, цара шаьш иманац гайтича, Аллахӏ Дала къинхетам беш билгал даьккхина иза тӏаьхьарчу итт буьйсенашгахь лаха езийла.