252просмотров
72.4%от подписчиков
26 сентября 2025 г.
Score: 277
МасIудан кIанта (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIара дешнаш) аьллачунна къиношна гечдийр ду, тIеман майданара иза веддехь а: «Сийлахьчу АллахIе сайна гечдар доьху ас - И воцург, кхин Дела воцучу, дийна, даима волучу. Ас Цуьнга тоба а до». /АстагIфируллáхIал Iазúмаллазú лá илáхIа иллá хIувал хьаййул къоййýму ва атýбу илайхIи/ (Абу Давуд: 1517, ат-Тирмизи: 3572) https://t.me/hadis_du