Хlора фарз-ламазал тlаьхьа 33 субхьаналлахI, 33 алхьамдулиллахI, 33 АллахIу акбар аларан дозалла Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа къечу мухIажарша, АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а баьхкина, элира: «Хьал долчарна кхочур долуш ду-кх (дерриг) лакхара даржаш а, хаддаза лаьттан долу ниIматаш а: (хIунда аьлча) цара оха санна ламазаш до, цара оха санна марханаш кхобу, оцу тIе цара сагIанаш ло, ткъа оха сагIанаш ца ло, цара леш маьршабоху, ткъа о...
Хьадисан охlла
Нах - дикане кхойкхуш хила хьо!
Графики
📊 Средний охват постов
📉 ERR % по дням
📋 Публикации по дням
📎 Типы контента
Лучшие публикации
19 из 19Дажжалан питанах ларвар дехар Пайхамара (ﷺ) лардина вай Дажжалан питанах, цо аьлла: «Дажжал ву аьлла шайна хазахь, генадовла цунах, шайна и гахь, «Кахӏф» сурат деша. «Кахӏф» сурат дешнарг Дажжалан питанах ларвелла». Иштта кхечу хьадисехь аьлла Пайхамара (ﷺ): «АллáхӀумма инни аӀузубика мин Ӏазáби жахӀаннам, ва аӀузубика мин Ӏазáбил-къабри, ва аӀузубика мин шарри фитнатил-масихьид-дажжáл, ва аӀузубика мин фитнатил-махьйá, вал-мамáт». Хӏара доӏа хӏора ламазехь тӏаьххьара атхьигехь деш ду, лам...
Куц: Дагахь малх-бутт лацаран суннат ламаз дан аьлла ният хуьлу; Ши бисмал, цхьа атхьиг доьшу, хlора бисмал тlаьхьа шишша рукуl деш, цхьаьннан метта. Хан: Малх я бутт лаьцча дуьйна и юханехьа гучубаллалц.
Абу Хӏурайрата дийцана Аллахӏан Элчано ﷺ элира аьлла: «Ахьа алар: "субхьаналлáхӏ, валь-хьамду лиллáхӏ, ва лá илáхӏа иллЛóхӏу ваЛлóхӏу акбар" гӏолехь ма ду шена тӏе малх кхеташ долчу массо хӏуманал.» (Муслим: 2695) https://t.me/hadis_du
Анаса (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьйла цунна) соьга элира: «ХIай, кIант! Хьо (хьайн хIусамна чувоьдучу хенахь) хьайн доьзале салам ло - беркат хир ду хьуна цунах хьуна а, хьан доьзална а». (Тирмизий: 2699, цо аьлла хIара хьадис хьасан, сахьихь даржехь ду). ¹Шен цIа чу ваьлча салам далар суннат хилар, оцу чохь цхьа вацахь а. https://t.me/hadis_du
Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: "Милла велахь, аса ма-эццара ламаз а эцна, цултlаьхьа ши ракаlат (суннат) ламаз диначунна, оцу шина ракаlатехь кхечу хlуманашна ойлайеш а воцуш - цунна дlа мелла дахана долу къиношна Аллахlа гечдийр ма-ду". (Бухарий 159). https://t.me/hadis_du
Шайн даьхних уггаре чIогIа беркат хуьлуш болу нах - сагIа дукха луш берш бу. Хьадисехь Пайхамара (ﷺ) аьлла: «СагIа даларо даьхни ца эшадо». Иштта къудси хьадисехь АллахIа, Сийлахь ву И, аьлла: «ХIай Адаман кIант! Хьайн даьхних сагIа ло ахь, Ас дуккха а совдоккхур ду хьуна хьан даьхни». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий
МасIудан кIанта (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIара дешнаш) аьллачунна къиношна гечдийр ду, тIеман майданара иза веддехь а: «Сийлахьчу АллахIе сайна гечдар доьху ас - И воцург, кхин Дела воцучу, дийна, даима волучу. Ас Цуьнга тоба а до». /АстагIфируллáхIал Iазúмаллазú лá илáхIа иллá хIувал хьаййул къоййýму ва атýбу илайхIи/ (Абу Давуд: 1517, ат-Тирмизи: 3572) https://t.me/hadis_du
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманчохь малх лаьцнера. ХIетахь цо цхьа стаг вахийтира, нах ламазе кхайкха аьлла. Нах схьагулбеллачу хенахь (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)), хьалха а ваьлла, «Акбар» аьлла (ламаз дIа а дихкина), диъ рукуI а, диъ сужуд а долуш, ши ракаIат ламаз дира». (Муслим: 901)
АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Цхьа а стаг ма вац ша цхьа къа диначул тӀаьхьа, ламаз эцна, цул тӀаьхьа ламаз дина, цул тӀаьхьа АллахӀе гечдар дехахь, АллахӀа цунна гечдеш бен». [Тирмизий: 406] https://t.me/hadis_du