598просмотров
20 ноября 2025 г.
📷 ФотоScore: 658
Жимма а «Нохчалла» хьокъехь: Хьаша ШолгIаниг (кIорггера маьIна долуш гIуллакх ду иза а). Бакъду, йуьртарчу шен хьешан декхарна кIелхьара волуьйту тIевеънарг, нагахь санна иза цу йуьрта цхьа вон кост дохьуш кхаьчнехь (масала, велларг валош). Цуьнан декхар, кхаа дийнахь-буса Iийна а, тезета оьхуш долу адам лахдаллалц а цигахь дакъалоцуш саца декхарийлахь ву иза. Хьешо, кевне кхаьчча, хIусамден цIе а йоккхий, «чохь вуй хьо?» – олий, мохь туху. Араваьллачу хIусамдас, салам-маршалла хоттий: «охьавосса, чу вола», – олий, дехар до. Шоззий а аьлча шега доьхург цо кхочуш ца дича хIусамдас: «Хьо-м хьайн рицкъана тIевеънера, хала дера дара, иза а эцна, хьоьга дIакхачо гIерташ, сан хьо леха дезнехь; охьавосса, хьайн рицкъанах ца кхеташ дIаваха пурба дац хьуна». Цул тIаьхьа и хьаша чу ца вагIахь, дIасакъаста йиш йу цаьршиннан. Хьаша-м ховха, гергара, эвхьаза вара бохуш, ша вуй ца хоуьйтуш чугIертар, оьзда доцучех лерана ду нохчашлахь: ша а, хIусамда а йуьхьIаьржа ца хIотто леладо иза.