315просмотров
3 сентября 2025 г.
📷 ФотоScore: 347
Жимма «Нохчалла» хьокъехь: Тезет ТIебаьхкинчарех уггаре а воккхачунна йа Iеламстагана аьрру агIор охьахиъна хуьлу верасех воккхахверг. Цунна тIера дIа охьахевшина хуьлу баккхийнаш, кегийнаш ирахь лаьтта; йуха а жим-жиманиг йуьххехьа а волуш лаьтта кхелхинчуьнан верасаш. Тезетан сурт хIотто гIоьртича, «П»-х тера йолуш шен кепаца аьтто агIор берш «П»-н аьтту «белшана» тIекхаччалц тIебаьхкина нах бу. Цу тIера верасийн могIа болало. Цундела тезета вогIург тIебаьхкинчарех а, верасех а баккхийчарна тIекхача 5-6 гIулч йиссалц аьтту агIо лоцуш тIевоьду тезета веънарг. ДоIа дина ваьлча дIанисло тIебаьхкинчарна йуккъехь. ДоIанна кхузза куьйгаш лаццалц тезетахь саца веза цуьнан. Цул тIаьхьа тезетан дайша шена пурба делча, верасийн могIанца, хIоранга шег-шега вистхуьлуш, кадам беш араволу. Тидам бича гучудер ду йуккъехула дIа ца гIерташ, аьтту белш хьалха а йоккхуш, ног тухуш, гуо боккхуш иза араволуш хилар.
315
просмотров
919
символов
Нет
эмодзи
Да
медиа

Другие посты @chechez

Все посты канала →
Жимма «Нохчалла» хьокъехь: Тезет ТIебаьхкинчарех уггаре а во — @chechez | PostSniper