5.8Kпросмотров
17 января 2024 г.
Score: 6.4K
Абу Зарр ал-ГIаффарийс (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьйла цунна) дийцира, доллучунна ницкъ кхочучу, Сийлахь-Воккхачу шен Дала элира аьлла: «ХIай, Сан лайш! Аса зулам Сайна а дихкина, (ца магийна) шуна а дихкина Аса и - цундела вовшашна зуламаш ма де! ХIай, сан лайш! Аса нийса некъ гайтина боцурш дерриге а тилла (дара) шу, цундела дехийша Соьга шаьш нийсачу новкъа нисдар - Аса нисдийр ду шу! ХIай, Сан лайш! Аса бузош боцурш дерриге а меца дуьсур ду шу, цундела дехийша Соьга шаьш дузадар - Аса дузор ду шу! ХIай, сан лайш! Аса тIедухун боцурш дерриге а дерзина дуьсур ду шу, цундела дехийша Соьга шайна тIедохар - Аса тIедухур ду шуна! ХIай, сан лайш! Боккъа-лаъ, къинош хьерчош ду шу буса а, дийнахь а, ткъа Со дерриге къиношна гечдеш ву, цундела дехийша Соьга гечдар - Аса гечдийр ду шуна! ХIай, Сан лайш! Боккъалла а, шуьга цкъа а Суна я зен а далур дац, я пайда а балур бац! ХIай, Сан лайш! Шух уггаре догцIеначу стеган дагах терра шух хьалхарниш а, тIаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а догцIена хилча, - цо хIумма а сов док-кхур ма дацара Сан долуш долучул а! ХIай, сан лайш! Шух уггаре догвон волучу стеган дагах терра шух хьалхарниш а, тIаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а догвон хилча, - цо хIумма а эшор ма дацара Сан долуш долучух! ХIай, сан лайш! Шух хьалхарниш а, тIаьхьарниш а, адамаш а, жинаш а цхьана метте дIа а хIиттина, цара Соьга (муьлхха а хIума) дехча, Аса хIоранна а цо дехнарг дала а делча, - цо Сан долучух эшор ма дацара хIордана чу Iоьттиначу мехо (оцу хIордан хин дукхаллех) эшшочул бен! ХIай, Сан лайш! Боккъалла а, уьш - шун Iамалш ю, Аса шун дуьхьа хьесап деш йолу. Цул тIаьхьа Аса царна тIера хьакъ дерг дуьззина шуна дIалур ду. ТIаккха диканиг карийначо - АллахIана хастам бойла, и доцу кхиниг карийначо - ша воцучунна цхьанна а бехк ма буьллийла» [Муслим: 2577.] СаIийда аьлла: «Аса хIара хьадис дуьйцучу хенахь Абу Идрис горахIоттара». Оха хIара хьадис дийцина Ахьмад бин Хьанбалера (АллахIа къинхетам бойла цуьнах), ша аьлла волучу: «Шемарчу бахархошна хIара санна лараме хьадис дац»].