А
Аллахlан цlерш
@Asmaul_husna2.1K подп.
6.1Kпросмотров
8 февраля 2024 г.
Score: 6.7K
الدَّيَّانُ ﷻ [Бекхамбийриг] lабдуллахl бин Унайсера дуьйцу, шена Аллахlан Элчано ﷺ олуш хезира аьлла: «Аллахlа (къемата дийнахь) лайш схьа а гулбина, цул тlаьхьа уллерачунна хазаре терра генахь волчунна а хезаш, Шен азца кхойкхур ву цаьрга: "Со Ву – Паччахь!, Со Ву – Бекхамбийриг!"». Шен лайшна бекхам бен бериг ву И церан дика а, вон а lамалшна дуьхьала, царна юккъахь нийса хьукма ден волу Кхелахо а ву И. «ад-Даййа‌н» аьлла йолу Делан цlе сийлахь Къуръан чохь ца еана, делахь а, цlеначу Суннатехь еана и. https://t.me/Asmaul_husna
6.1K
просмотров
539
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @Asmaul_husna

Все посты канала →
الدَّيَّانُ ﷻ [Бекхамбийриг] lабдуллахl бин Унайсера дуьйцу, — @Asmaul_husna | PostSniper