Z
zeliestet
@zeliestet279 подп.
60просмотров
21.5%от подписчиков
14 марта 2026 г.
Score: 66
йа Аллахا, дог Хьоьца хоттаделла доцуш долу дахар ма дахар дац-кх. тхан берриге сатийсамаш, лаамаш Хьоьца Цхьаьнца хиттина хилар тlехь чlагlдехьа тхо. даимна а массо хlумангахь даггарчу лаамца Хьо Цхьаъ резаван гlертарехь, Хьуна муьтlахь хиларца Хьуна герга хила гlертарехь, Хьуна дукхаезачу lамалашкахь совдийларца Хьуна тхаьш дукхадезар совдалийта гlертарехь гlелдаларх а, юхадовларх а лардехьа тхо, йаа Аллахا. даимна а Хьо тхоьга реза хиларца хьежар лохьа тхуна. йа Аллахا, тхо Хьайна хьалха дlа а хlиттийна, Ахь тхоьга бартхоттура болчу дийнахь, Хьо тхоьга реза хиларца хьоьжура Волучу хьоле тхо кхачадийр долуш нисдехьа оха дуьненахь доккхуш долу тхан дерриге дахар. Ахь Хьан лайшна кечйина йолчу хазачу Ялсаманехь Хьайга сих-сиха хьежарца Айхьа дог хьоьстура долчарех а дехьа тхо, тхан Къинхетаме Дела. боккъалла а, къинхетамечарех уггаре Къинхетамениг Ву-кх Хьо, комаьршачарех уггаре Комаьршаниг а Ву-кх Хьо. Хастам бу-кх Хьуна Цхьанна, чаккхе а йоцуш болу берриге хастам! 🏠
60
просмотров
984
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @zeliestet

Все посты канала →
йа Аллахا, дог Хьоьца хоттаделла доцуш долу дахар ма дахар д — @zeliestet | PostSniper