_
_zam_zam_1414_
@zamzam_1414286 подп.
579просмотров
13 февраля 2025 г.
Score: 637
Имам КъуртIубис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гуттаренна суннаташ lаддитар кхоччуш дин ца лелош хилар ду, амма царна ледарло еш я уьш ца оьшуш lаддуьтуш велахь, иза фесакъалла ю, цу хьокъехь кхерам тосуш Пайхамара (ﷺ) аьлла дела: «Сан суннат ца оьшуш верг сох вац». Асхьабаш а, царна тlаьхьабогlурш а суннаташ лардеш бара, фарзаш шаьш ма-лардарра, царна юккъехь къастамаш ца бора цара (суннат бен дацара иза-м бохуш), цу шиннеца а (фарзаца, суннатца) ял яккха яларна. Делахь а, lеламанаха уьш къастор оьшуш дара (фарз ду, суннат ду бохуш), иза дисинчун юха доькхуш дан деза я ца деза билгалдархьама, иза ца деш дитинчунна lазап хир ду я дац бохург билгалдархьама». Фатхьул-барий, агlо: 4/208
579
просмотров
703
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @zamzam_1414

Все посты канала →
Имам КъуртIубис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Гутт — @zamzam_1414 | PostSniper