С
Сийлахь Хьижаб
@siylah_hijab559 подп.
4.6Kпросмотров
29 октября 2024 г.
statsScore: 5.0K
4⃣ Хьиджаб дуй те ас лелош дерг❔ ➖➖➖➖➖➖➖➖ АллахIа ФАРД дина долу хьиджаб - "Хьиджаб аш-шарIий" ду. Цкъа "Хьиджаб" бохучу дешан маьIна досту вай. Хьиджаб (حجاب) - пардо, хьулдар, дIакъовлар. Стенна дуьхьала йу и пардо ? ХIун йу хьулйийриг ? ХIун йу дIакъовла йезарг ? Хьан ХАЗАЛЛА ! Нагахь санна айхьа хьиджаб доьхна а бохуш, амма хьайн хазалла гойтучу кепара ахь иза духуш далахь (хIоранна а дика хаьа ша шен хазалла хьул йинехь а ца йинехь а), тIаккха ахь доьхнарг хьиджаб дац хьуна. Наха цуьнах иза алахь а, хьан дагчохь дерг хууш АллахI Ву. ХЬИДЖАБАН БЕХКАМАШ: 🎀Шуьйра (дегIан цхьана а меженна тIелетта доцуш) 🎀Деха (коьрта тIера дIа лаг а, белш а, накха а къаьсташ боцуш / кучан лахе когийн хьоркалла а цхьа ша охьа йаьлла йолуш, йа лаххара барам - хьорк хьул йеш) 🎀Стомма (чаккха са гуш доцуш) 🎀Боршачу нехан духарах тера доцуш 🎀Керста нехан духарах тера доцуш 🎀ТIе бIаьрг хуттуш хаза а доцуш, тIех схьакъаьсташ а доцуш 🎀ТIе хаза хьожа йогIу хIума тоьхна/хьаькхна доцуш. ГАЙТА МАГИЙНА БАРАМ: 🔘Йуьхь (хьаж тIера месаш йолалучу меттера лахара чIениг чакх йолуче кхаччалц) 🔘Куьйгаш (хьоркалла лахара) И ши меже йоцург, бисина болу берриге а дегIан барам хьулбина хила безаш бу. Ишиъ а Iаврат ду, хьул йан йеза аьлла дуккха а Iелимнах бу, амма ишиъ гайта мегар ду аьллачарна тIетевжича а, кхин сов гайта цхьаммо а магийна дац ! Йуьххьана бухара, чIениг чакх йаьлча йолу меттиг - Iаврат ду ! Когаш - Iаврат ду ! И берриге а бехкамаш хьан духарехь кхочуш хуьлуш бацахь, ахьа лелориг хьиджаб дац хьуна ! АллахIа тIедиллина ФАРД хьуна тIера даьлла дац хьуна ! АллахIана муьтIахь йац хьуна хьо ! Айхьа хьой Iехош йу хьуна ахьа ! ةannaج
4.6K
просмотров
1648
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @siylah_hijab

Все посты канала →
4⃣ Хьиджаб дуй те ас лелош дерг❔ ➖➖➖➖➖➖➖➖ АллахIа ФАРД дина — @siylah_hijab | PostSniper