10просмотров
17.9%от подписчиков
19 марта 2026 г.
Score: 11
Iодика йойла хьан, хIай веза хьаша!
Iодика йойла хьан, Iодика йойла... ДIабели хIара Ялсмане неIарш йиллина хилла болу бутт,
ДIабели жоьжахати неIарш къевлина хилла болу бутт...
ДIабели хIара беза мархийн бутт...
ХIара тIебарца самукъа даьлчунна а, хIара тIебарца базбелчунна а, къахьоьгуш хилчунна а, мукъа Iаш, дийно сарралц мец Iар бен кхин хIумма доцуш хилчунна а... Массарна цхьатерра дIабели хIара, Делахь а, АллахIана гергахь цхьатерра хира дац-кха хьелаш... АллахIа къобула дойла вайн марханаш!
АллахIа къобула дойла вайн ламазаш!
АллахIа жоп лойла вайн доIанашна! Милла велахь мархийн баттан Iибадат деш хилларг - и мархийн бутт чекхбели шуна...
Милла велахь АллахIана Iибадат деш хилларг - И АллахI даиманна волуш ву шуна... Хало дIайели, ткъа Iамалш йиси ... АллахIе гечдар доьху вай, Цунна хастам а бо вай...