443просмотров
40.1%от подписчиков
15 августа 2025 г.
Score: 487
«Малайкех лаьцна» 1:00 - Малайкаш дерриш цхьа босса дац, дозалле диллича. Уггаре деза долу малайк Джабраил ду. 3:00 - Джабраил малайки 600 тlам бу. Иштта малайкех ду шишша тlам берш а, кхоккха, биъ-биъ тlам берш а. 4:30 - Массо малайки цlераш вайн йийцина яц. Бух болуш вайн йийцина малайкин цlераш 8 ю: 1. Джабраил
2. Микаил
3. Исрофил
4. Хlарут
5. Марут
6. Мункар
7. Накир
8. Малик 5:20 - Ялсаманна тlехlоттийна малайк цlе Ридван ю бохаг бух болуш дац. Саоьцу малайк ду, цуьнан цlе lазраил ю бохаг бух болуш дац. Саоьцу малайк аьлла и цуьнан куц ду, цlе яц. 6:30 - Малайкашна тlебехкина баккхий белхаш бу. И белхаш кхочуш бан Аллахlа царна ницкъ а белла. Масала, Джабраил малайкан тlебиллина болх - Пайхамарашна тlедоуьйтуш долу малайк ду иза, Делера хаам дlакхачош. Дерриге Къуръан Аллахlа Джабраил малайке дlадуьйцуш, Джабраил малайко вайн Пайхамарна тlедогlий схьадуьйцуш, юха Пайхамара (соллаллохlу lалайхlи васаллам) шен асхьабашка дуьйцуш, иштта доьссина ду Къуръан дерриге. https://t.me/wayheham