1.5Kпросмотров
63.5%от подписчиков
20 февраля 2026 г.
statsScore: 1.7K
Тахана, 2026-чу шеран чиллин беттан ткъолгIачу дийнахь, вайн Республикехь дIахьош йу «Беза, бовза ненан мотт!» цIе йолу регионан этнографин диктант. Оцу масштабни дешаран акцехь дакъалоцуш йолчарех йу Гуьмсан кIоштара ишколаш. Вайн Нохчийн Республикера кхин дуккха а ишколашкахь санна, ненан мотт шайн дегнашна гергара болчу хьехархойн, белхалойн, дешархойн шайн хаарш талла а, вайн къоман исбаьхьа культура дика йовза а аьтто баьлла хIара регионан этнографин диктант йазйар бахьана долуш. Дала тIаьхье беркате йойла!