1.0Kпросмотров
73.5%от подписчиков
8 февраля 2026 г.
Score: 1.1K
Аллахlан къинхетамца герга гlерташ Рамадан бутт бу вайна, Сийлахь волчу АллахIа вай цу батте дохийла. Цундела вайх хlораммо а ша летийна долу даккхий къинош, кегий къинош дага лаьцна доггаха тоба дан деза вай мел лелийначунна дохко девлла. Нагахь санна вай летийна долу къинош нехан хьакънашца доьзна делахь, масала : къола дина, я яьхьан хlума хуъшехь дlа ца луш латтош, я декхар дlа дала хан тlе кхаьчна иза дlа дала аьтто болушшехь дlа ца луш латош, я закат ца луш шераш дlа эхийтана царна тlера закат дlа дала дезаш долушшехь дlа ца луш латош... иштта кхин дlа. Цу хьолехь вай деш долу тобан нийса хиларан бехкам бу : и тайпа хьакънаш югlа дерзор. Сийлахь волчу АллахIа Ша реза волчу кепара Рамадан бутт кхаьбначарех дойла вай.