59просмотров
55.1%от подписчиков
17 февраля 2026 г.
statsScore: 65
Б1ерг, хьаг1, бозбуунчарла - оцу лазаршна молуш молха, я тухуш маха, я хоттош капельниц хуьлуш яц, я хила йиш а яц, делахь а наха сом даккха хуу лела до бохург ду кхузахь леларг. Лела хуу дархам кхи оццула новкъа а хетар дацар вайна, х1ора а ша лелинчух жоп делчхьана вер вар, амма Аллах1 динан т1е харцо ца кхуллуш лела дахьара, сунна пророка юй, Пайхамар лелийна дарба дуй, Пайхамар дийцина дарба дуй бохуш наха шайгар и д1а эцчхьана башхалла ца хеташ и ц1ерш ятта царна т1е! Т1аккха ма кхолла х1ара харцо Пайхамарна т1е аьлча, харцо муха ю, 1ажва хьадисехь хьахина яй, хурман дитт Къуръан чохь хьахина дай бохуш шайна хетаршца тида а туьдуш кху динах ловзар дина лела! Къуръан чохь хьахинам фир1овна ву! Къуръан чохь хьахинам къаьркъа а ду! Къаркъанца дай вай т1аккха дарба?! Гуттара хаза дерг, х1ара къамел ахь дича кхета а кхетта т1е лацаран метта, хьайна ца хуург дуьйцуш ву хьо, хьо 1илма 1амош ма ву, хьуна ца девзу кхуьнах дерг, х1ара болх беш долу тхуна дика ма девзу кху хьолах дерг, тхай опытца ма хаьа тхуна оли д1а буьйла ло! Т1аккха-м вай къаьркъа хьарам ду, я хьанал ду и къаьркъа молуш волчуьнга хатта деза, 1илма долчуьнга а ца хоттуш! Молуш, оьцуш лелош волу цуьнна дико хуур ма дай цуьнах дерг, цуьнна санна опыт цхьанне а хир яц цуьнах! Ткъа оцу лелош, духкуш долу и молханаш шортта ду нахан юккъехь даьржина, х1ара доцург а, церан массеран ц1ерш ягар йина вера а вац, я ягар йича а х1ора дийнахь керл-керла юккъе дохуш а ду уьш, х1ора бизнес лелочуьнна ше-шен ц1арца! Уьш дерриге а, Пайхамар лелина, я Пайхамар суннатер ду, я бозбуунчарлина дарба ду бохучу х1уманехь ц1ена ду! Я иштта дерг хила йиш а яц, я хуьлуш а дац! Хуьлуш дерг цхьа х1ума ду, иза - ца кхеташ болу нах 1ехор ду, иза муха нис ло аьлча, цхьа кхалла, яа хала мел йолу, цхьа дог карчош йолу, вуьшта аьлча, цхьа диларш вовшах тоьхна ахь д1акхелча, хьо мел ч1ог1а могуш стаг велахь а 1аьтта ма вой, иштта 1аьтта вайта шена хеташ йолу диларш вовшах тухи, цу т1е Къуръан доьши, т1аккха х1ара бозбуунчарлина дарба ду, шайт1анашна ракет ю, жинашна бомба ю оли ара хоьцу, хьамма дарба ду аьлларг лелош холчахь волу и цамгар ерг шен таро елахь, яцахь иза эца г1ерта, т1аккха ша кхалла а кхеллина ша 1аьттича, шена воле хилла моьтту, юха а шена воле ца хилли билгал даьлча, кхи цкъа мелча, юха мелча хир яцар те бохуш лела, юхкуш верг а ма вай лела хууш, цкъа мелча воле ца хилахь, шозлог1а мала бохуш, иштта и цонгуш болу нах хьизош, вукхара шай бизнес яш лаьтташ ду хьал! Ткъа цу тайпа молх хьенга а ма кеч дало ша-шега а, цхьа муьлхха дог карчош йолу х1ума кхалла, 1аьттор вукх хьо! Ткъа нах уггар ч1ог1а 1еха луш дерг ху ду аьлча, баккъалла и бозбуунчарла шен кийрахь дерг а ма 1етта вой, иза кийрахь долчуьнна кийрахь цхьа шен кепар г1урт хуьлу, ткъа и г1урт хьо 1аьтточе даьлча хьала бала безаш ма бай цу кийрар, иштта и шен хьала баьлча, х1арам баккъалла дарба хилла, суна ч1ог1а результат йи цо оли 1еха ло, оцу цо ша-шена йинчу внушенис цхьа мелла хан чохь шен воле хилча санна д1а а лолуьту иза, юха и внушени д1а ма елан х1инца кхи цкъа мала деза иза бохуш иштта цуьнах 1еха луш лела, ткъа цуьнна лазарам ша долчехь лаьтташ ма ду цхьа а хийцам боцуш, мелхо а ч1аг1 луш. Ткъа иштта и кийрар хьала 1аьттош болу г1урт - хьо атравлени 1аьттича а ахь хьала 1аьттора берг ма бу, ахь и молх мелла аьлла 1аьттош бац иза, хьо 1аьттош хилча цу кийрахь дерг хьа ца тесча ма ца йолу, амма иштта и схьа тасар нис деллар бохург ма дац, хьуна цу лазарха воле хилла, я хьуна бозбуунчалла д1адаьлла, оцуьнах ца кхетар бахьан долуш 1еха ло нах!