58просмотров
39.5%от подписчиков
13 сентября 2025 г.
Score: 64
ма доккха хӀума ду и хьан дог доьлхучу хенахь хьуна уллехь и дог хьаста адам хилар. накъост милла хила йиш йолуш ву, хьан чуьра а, арахьара а. хӀора дийнахь зӀенехь хилар дац доттагӀалла бохург. коьртаниг: хьуна оьшучу хенахь хьан ӀиндагӀ а хилла дӀахӀуттуш верг ву деган накъост. хьан лазам айхь цуьнга бийцича, хьайн дог паргӀат дер дуй а хууш, АллахӀан пурбанца, шен гӀуллакх кӀелдитна а, хьан гӀуллакхе и хьожура вуй дог тешна хилар ду бакъдолу доттагӀалла.