531просмотров
35.5%от подписчиков
27 декабря 2025 г.
Score: 584
ХЬУНА ХЬАЙН БЕРАШ ЦА ДЕЗА!!! ЙА ХЬАЙН ДА-НАНА А ЦА ДЕЗА!!! Нагахь санна хьан бераш гlабалеш, костюмаш йоьхха, ёлки уллехь лаьтташ делахь! Хьуна и керла шо даздан lамийна долу хьан дена-нанна къа хуьлуш ду хьуна, уьш дийна бацахь а, ахь хьайн берашна хlинца и lаморна, ахь и даздарна! Цара хьайна lамийна дац ала тарло ахь, амма царна тlехь дара хьуна и цаlамийтар, хьо динехь кхиор! Цул тlаьхьа ахь хьайна гулдеш къинош ду: хьайн берех а, церан берех а, иштта и дlа мел доьду а, хьох, кошахь lуьллу даьlахк бен, хlумма а ца йиснехь а! Цул тlаьхьа хьан берашна: кхана lуьйранна хьан метта уьш дlахlиттича, ахь марздар, ахь lамор бахьана долуш, цара и даз мел до, цара шайн берашна мел марздо, церан бераш - шайчарна а, хьан берийн тептарш тlехь къинош гулло! Хьайн да-нана а, хьуо а, хьайн бераш а жоьжахати кхуьйссуш ма ду ахь, цхьана сахьтехь дер долчу "самукъин" дуьхьа!