85просмотров
13.0%от подписчиков
18 февраля 2026 г.
📷 ФотоScore: 94
وعليكم السلام ورحمة الله وبركاته 1. Йиша йу хьан витр динчул тlаьхьа кхин а ламазаш дан.
2. Гlолехь дерг имамаца цхьа рака1ат витр дара ду, цо салам делча шолг1ачу рака1ате хьалавоьдучулла. 1еламнаха цунна далийлан далош долу хьадис хlара ду: إِنَّ الرَّجُلَ إِذَا صَلَّى مَعَ الْإِمَامِ حَتَّى يَنْصَرِفَ حُسِبَ لَهُ قِيَامُ لَيْلَةٍ «Боккъала а, цхьамма имамаца ламаз дича иза д1аваххалца, дийна буьйса денйинча санна йал йазор йу цунна» (Хьадис далийна Тирмизийс а, Насаийс а, Абу Давудас а, Ибн Маджахlа а) «И д1аваххалц» бохург цо салам даллалца бохург ду, т1аккха цо салам делча ахь а салам ло, т1аккха цу хьадис к1ел воху хьо. ВаЛлохlу аlлям.