Z
Zello ИСЛАМАН-СЕРЛО.
@Zello_Islaman_Serlo172 подп.
32просмотров
18.6%от подписчиков
20 марта 2026 г.
Score: 35
Iийде воьдачо дича дика долу хlуманаш (ádáбаш): 1. ⁠lийде вахале лийчар. 2. ⁠Духур хазаниг дохар. 3. ⁠Мархийн lийдехь, lийде вахале хурма а кхаьллина lийде вахар. 4. ⁠Сатесчахьана lийде воьдаш a, lийде дlа кхаччалц a, имам схьа валлалца аз айбина такбийрул-lийд сов даккхар. Ткъа цхьа болучу lелам нахана кхана lийда ду аьлча сарахь малх чу бузарца йолало такбийрул-lийд хан аьлла а хетна. 5. ⁠Мархийн lийда жимма тlаьхьа таттар, гlурбан lийданал a. 6. ⁠lийда дийнахь сагlа дала хьажар. 7. ⁠lийде дlа ваханчу новкъа доцуш, кхечу новкъа цlавахар. 8. ⁠lийде гlаш ваха хьажар, тарлуш делахь. 9. ⁠Зударий lийде богlуш оьзда духар доьхна хилар. 10. ⁠lийда ламаз дича бухахь соьвччара хутlбе ладогlар. 11. ⁠Дlаса довлале вовшашка марх къобал дар. (Такъаббала-ЛЛохlу минна ва минкум) алар хилла и, йа шен къома маттахь хилла иза.
32
просмотров
837
символов
Нет
эмодзи
Нет
медиа

Другие посты @Zello_Islaman_Serlo

Все посты канала →
Iийде воьдачо дича дика долу хlуманаш (ádáбаш): 1. ⁠lийде ва — @Zello_Islaman_Serlo | PostSniper