56просмотров
23.1%от подписчиков
23 февраля 2026 г.
Score: 62
‎بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ Ассаламу lалайкум, махкахой.
Хьоме вежарий, йижарий.
Юхаъ тlекхечи и де - 23-гlа февраль. Нохчийн кьомана цкъа а дицлур доцу де. Кийрахь бусалба дог долчу нохчочунна цкъа а диц дан йиш йоцу де.
И де ду и - дерриг нохчийн къам, шийлачу lай, цхьа а ца къастош, жима, воккха, зуда, бер, къизаллица шен Даймахках даьккхин сийначу Сибарехь охь кхоьссин де.
Нохчийн поэто Бисултанов Аптис ишта яздо оцу денойх : Тlапа куйнаш дайрий шуна Гуо беш салтий байрий шуна
Эхартехь бен хир дац баьхна
Къиймат-де дайрий шуна Россин пачхьалкхо цкъа а сацийна яц нохчийн кьоман тlехь латтош йолу кьизалла, муьлха хилча а шен цlе - "царская", "советская ", "демократическая" империя. Оцу боьхачу пачхьалкхан олалла кlелхьара довла гlерташ, нохчийн къомах уггар дикох, цlенох, яхь йолу кьонахий а, мехкарий а дlакхелхина.
Эзарнаш, эзарнаш.
Аллахlа Шен Ялсамане хьеший бойла уьш.
Аллахlа Шен къинхетам бойла царех а, вайх а.