Йа АллахI! Ас доьху Хьоьга Хьан Пайхамара Хьоьга мел дехна долу дика, со ларло Хьоьца Хьан Пайхамар Хьоьца мел ларвелчу вонах.
ИСЛАМАНСЕРЛО
🔶 ХIокху чуьра шайна луург схьаэца, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна. Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна инша́ АллахI
Графики
📊 Средний охват постов
📉 ERR % по дням
📋 Публикации по дням
📎 Типы контента
Лучшие публикации
20 из 20https://youtu.be/RpnMKXLomLw?si=thBqMIxfVHbJDLLk
Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа (жоьжахатин цIерах) маьрша буьтуш нах бу хIора (суьйранна) марха достучу хенахь». Имам Ахьмад.
Бусалба стага шен ницкъ ма-кхоччу къахьега деза лайлатул-къадр буьйса денъяр тIехь. Хьадисашкахь бух болуш деана долу доIанаш дойла цо дуккха а, (масала, хIара санна): «АллóхIумма иннака Iафуввун тухьиббул-Iафва фаIфу Iаннú». أَللَّهُمَّ إِنَّكَ عَفُوٌّ تُحِبُّ الْعَفْوَ فَاعْفُ عَنِّي. Шайх Iабдул-Карийм ал-Худайр.
Тховса терхьехь. Шайх Мухтар
ХIокху итт буьйсанна цхьа миска стаг билгал ваккхе цунна хIора буьйсанна гIо де. Масала, тIе кхача йиш яцахь цунна картан тIе хIора буьйсанна дIатосур долуш, тIаккха лайлатул къадр буьйсана сагIа делларг хир ву хьо ин ша АллахI.
«Лайлатул-къадр буьйсанна а, (мархийн беттан) тIаьххьарлерачу итт буьйсанна а йича уггаре еза, дика йолу Iамалш — ламазаш дар, Къуръан дешар, доIанаш дар ю. Ткъа уггаре гIолехь, деза дерг — и кхо Iамал цхьаьна яр ду, Къуръан а доьшуш дехха ламазаш деш, иштта, сужудехь дехха доIанаш а деш». Шайх ат-ТIарийфий
Зен хилла, зен хилла, эшам хилла, цхьа масех сахьтан дуьхьала, дезткъе кхо шо ца эцначунна! «Лайлатул-къадр буьйса эзар баттал дика ю». Сурат «Ал-Къадр», 3 аят. Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий
Цхьаболу нах, лайлатул-къадр буьйса цхьана сахьтехь я буьйсан кхозлагIа декъахь ю олий кхета, ткъа иза гIалат ду, нийса дац. Лайлатул-къадр буьйса малх чубуьзча дуьйна Iуьйра хан хиллалца ю. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «И маршо лаьтта садаржалца». Сурат «Ал-Къадр», 5 аят.