Даржа де дика хlума шу дукха дахарш! Жигар хила! Хьовсийша боьхалла йаржочара хьоьгуш долу къа, цара йо йаккхий харжаш, шайн хан, йа даьхний ца кхоош жоьжахати йаккха гlерташ къа хьоьгуш ма бу уьш. Цера каналш тlебазбелла нах эзарнашкахь ма бу, ткъа бусалба дин даржо йина каналаш йаьсса йу. Вай хьоьгур дацар и къа вайн сийлахь долу дин даржош? Жигар хила, жимма къа хьега, динах лаьцна долу хlума дlасадахьита массо каналш чу, статусашка. Валлахlи дика хlума даржор пайхмарийн некъ бу шуна, бусалба...
Дика lамал
◉ Къуранан тафсир. ◉ Элчанан ﷺ хьадийсаш. ◉ Шафиlийн фикъхl. ◉ Хьехаме дешнаш. ◉ Вайн бот: @Dika1amalBot
Графики
📊 Средний охват постов
📉 ERR % по дням
📋 Публикации по дням
📎 Типы контента
Лучшие публикации
20 из 20Шайтlанаш дlадихкинчу кху баттахь хьан lамалехь соввала карах долуш дацахь, хьуна новкъарло йириг шайтlа дац хьуна, хьан партал дегl ду хьуна, цуьнгара баккхалахь бехк.
Кафеш, ресторанш йолчаьрга кхайкхам. Хlай бусалба нах, хьарам ду шуна Рамадан баттахь шайн рестораншкахь, кафешкахь нахе хlума йаийтар, чу веанарг керста велахь а. Аллахlах кхоьрийла шу, таккха Аллахlа рицкъанах беркат дийра ду шуна.
Синтеме хила )
https://t.me/islamanserlo
Марха долчаьрга марха дастийта кхача кечбеш йолчу зудчуна хуьлуш ерг йоккха йал йу, нагахь цо шен нийат Делан доьхьа хилийтахь. Масалан: Цо 5 стаге марха дастийтахь, цара кхаьбначу мархийн йал хуьулу цунна. Цундела зударша хьоьгуш долу къа эрна довш дац.